Логин: Пароль:

Государственное автономное учреждение "Чеченский государственный театр юного зрителя"

364020, ЧР, г.Грозный, Ленинский район, ул. Кутузова 10 А

8 (938) 894-71-90  
Отсутствуют изображения шапки
 
 
  ГлавнаяРуководствоВизитная карточкаСтруктураПроектыУстав/положениеДокументыНовостиГалереяВидеогалереяВакансииСимволикаМы в СМИКонтактыЧастые вопросы (FAQ)Электронная приемнаяНаправления деятельностиОценка качества услугТруппа Результаты независимой оценкиРепертуар Билетная кассаОставить отзыв на сайте bus.gov.ru
 

«Солта-паччахь» – нохчийн сцени тIехь

Нохчийн Республикерчу хьовсархошна доккха хазахетар дохьуш даьхкина 2018-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан тIаьххьара денош.

Къоначу хьажархочун театр коьртачу режиссера, Нохчийн Республикин хьакъйолчу артисткас Муртазалиева Асета хIоттийна гIараваьллачу оьрсийн поэта А.С.Пушкина яздина «Сказка о царе Салтане» туьйра.

Театран дукхах йолу спектаклаш хIинццалц тайнигашца хIиттош яра. Ткъа хIара спектакль артисташа драмин театрехь санна, шаьш васташа кхуллуш (тайнигех пайдаэцар доцуш) хIоттийна ю.

Паччахьан васт кхуллуш артист Гелагаев Мовлади ву.

Эла Гвидонан васт кхоьллина артиста Магомалиев Рустама. Артисташ Сатабиева Алина, Газалапова Нурсет, Махаури Карина, иштта дуккха а кхиберш бу спектаклехь дакъалоцуш.

Церан ловзаро хазйина оьрсийн поэтан туьйрана тIехь хIоттийна спектакль.

Вайн махкарчу дешархошна доккха совгIат ду Къоначу хьажархочун театро «Сказка о царе Салтане» спектакль хIотторца динарг.

Мало ма е керлачу спектакле хьовса.

Дохко девр дац шу!

А.АРАПХАНОВА

 

№89, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 27-гIа де, 2018 шо



Приложение: Скачать